понедельник, 13 июля 2020 г.

Веза Эла мила ву?

Хаттар 1
Веза Эла мила ву?

Шен цӀе ЯхӀува йолуш волу Хьо бен Воцург, дерриге а лаьтта тӀехь Веза Воккханиг хилар дӀахоийла царна.
(Забур 82:19)

ДӀахаалаш, ЯхӀува – Дела вуйла. Вай кхоьллинарг Иза ву, вай Цуьнан долахь а ду.
(Забур 99:3)

Со ЯхӀува ву, иза ю Сан цӀе.
Сайна йогӀу сийлалла кхечу далла дӀа ца йолуьйту Ас.
Сайна богӀу хастам цӀушна ца бойту Ас.
(ЕшаӀ-ЯхӀу 42:8)

ХӀорра а, ЯхӀуван цӀе а йоккхуш, Цуьнга кхойкхуш верг, кӀелхьарвоккхур ву.
(Рим. 10:13)

ХӀунда аьлча муьлхха а цӀа цхьаммо деш ду, ткъа дерриг а динарг Дела ву.
(Евр. 3:4)

Шайн бӀаьргашца стигала хьалахьовсал! Хьан кхоьллина и дерриге а седарчий? Эскар санна цхьацца арадоккхучо уьш кхоьллина. Цунна церан хӀораннан цӀе хаьа. Цуьнан ницкъ сел боккха хиларна, царах цхьа а вовш вац.
(ЕшаӀ-ЯхӀу 40:26)

Комментариев нет:

Отправить комментарий