пятница, 23 июля 2021 г.

Байначу кӀентех лаьцна хьекъале дийцар. Нохчийн мот

 Кхин а дийцира Цо: «Цхьана стеган ши кӀант хилла.12Жимах волчу кӀанта шен дега аьлла: „Дада! Хьайн бахамах суна догӀу дакъа схьалохьа“. Дас шина кӀантана бекъна бахам.13Дукха хан ялале, жимах волу кӀант, шен дерг вовшах а тоьхна, генарчу махка вахана. Цигахь, сакъоьруш, шен хьал эрна дайина цо.14Ткъа шадерриг и дайина ваьлча, цу махкахь чӀогӀа мацалла хӀоьттина. Иза таро йоцуш висна.15ТӀаккха, вахана, цу махкарчу цхьана стагана чухӀоьттина иза. Вукхо хӀара хьакхарчий яжо вахийтина шен аренашка.16Мацалло бӀарзвина, хьакхарчаша бууш болу акха стоьмаш биина а, шен гай дузо лууш хилла хӀара, амма цхьаммо а кхунна уьш луш ца хилла.17Метта а веана, цо аьлла: „Мел дукха ялхой бу сан ден цӀахь, церан массеран а шортта яа хӀума ю, ткъа со кхузахь мацалла леш ву!18ДӀавахана, сайн да волчу юха а вирзина, ас эр ду цуьнга: Дада! Далла хьалха а, хьуна хьалха а къа латийна ас!19ХӀинца со хьакъ вац хьан кӀант ву со ала, хьайн белхало вай, дӀаэцахьа со“.20Хьала а гӀаьттина, шен да волчу вахара иза.

КӀант геннахь схьавогӀуш дена гира. Цунах къахетта, ведда тӀе а вахана, иза маравоьллина, цунна барт баьккхира дас.
21Ткъа кӀанта элира цуьнга: „Дада! Далла хьалха а, хьуна хьалха а къа латийна ас. ХӀинца со хьакъ вац хьан кӀант ву со ала“.22Амма дас шен ялхошка элира: „Тоьлла йолу бедар схьа а яй, тӀеюха цунна, пӀелгах мухӀар а долла, кога мачаш а юха.23Юстийна йолу старгӀа схьа а ялаяй, урс хьакха: той хӀоттор ду вай.24ХӀунда аьлча хӀара сан кӀант веллачуьра денвелла, вайначуьра карийна“. Уьш сакъера буьйлабелира.
25Воккхах волу кӀант оцу хенахь кха тӀехь вара. ЦӀа вогӀуш, шайн бахамна гергакхаьчча, цунна лоькху эшарш а, хелхаран мукъамаш а хезира.
26Цхьа ялхо схьа а кхайкхина, цо хаьттира: „ХӀара хӀун ду?“27Ялхочо элира цуьнга: „Хьан ваша цӀа веана. Хьан дас старгӀа ейтина, хӀунда аьлча иза могуш-маьрша юхавирзина“.28Воккхах волу кӀант, оьгӀазвахана, чу ван ца лууш вара. Дас, ара а ваьлла, чувола аьлла, дийхира цуьнга.29Амма цо элира дега: „Со хьуна вецаш волу мел дукха хан ю, ахь аьллачунна тӀера ког а ца баьккхина ас, амма ахь суна буьхьиг а ца елла, соьга сайн доттагӀашца сакъерийта.30Ткъа шен хьал мехкаршца сакъоьруш хаьхкина волу хьайн кӀант цӀа веача, цунна юстийна старгӀа йийна ахь“.31Амма дас элира воккхах волчу кӀанте: „Сан кӀант! Хьо гуттар а соьца ма ву, сан долуш дерг шадерриг а хьан ма ду.32ХӀинца вай самукъадаьлла хила ма деза, хьан ваша веллачуьра денвелла, вайначуьра карийна“».

Комментариев нет:

Отправить комментарий